1600 шо

Хиламаш

Ӏилма а, исбаьхьалла а

Иван Сийлахьчун горгалин килс
Педро Кальдерон де ла Барка
Клод Лоррен
  • Ингалсан физикин а, лоьран а Гильберт Уильяман (1544—1603) «Магнитах а, магнитийн догӀмех а, доккха магнитах — Дуьненах а» цӀе йолчу жайнин зорба тоьхна. Цу чохь дуьххьара яздо магнитан а, дуккха электрийн а хиламех, йукъайалайо «электрийлла», «электрийн ницкъ», «электрийн тӀеозам» терминаш. Гильбертан белхан чохь бу шортта тергамаш а, хетарш а. Уьш ийна йуккъерачу бӀешерийн алхимикийн фантастикин кхетамашца. Шен талламаш бахьнехь Гильбертан кхаьчна дарж «электрийллан да».
  • Кваден, Маттиас, немцойн географа а, картографа а, йазйина «Compendium universi, complectens geographic, descriptionum l. V».
  • Шаррон Пьер, французийн дин хьоьхарг, йазбина динах болх «Discours chrétiens».
  • Оцу шарахь дуьйна талламхоша чот лелайо барокко муьран музыка (1600—1760) кхиаран.
  • 17 февральРумехь Зезагийн майданахь нахан хьалхха вагийна Ӏеса ваьлла а, мозгӀаран ният дохийна Джордано Бруно.
  • Львовхь Бернардин килс йан буьйлабелла.
  • Зорба тоьхна Шекспиран пьеса «Венециан совдегархо».
  • Немцойн Ӏалам диллархо Эльсхаймер Адама сурт диллина «Таршан цӀе».
  • Дуьххьара карийна P ГӀургӀезан.
  • Спрангер Бартоломеус диллина «Ангелика а, Медор а» сурт.
  • Оцу хенахь йукъайолу керла музыкин-театран жанр интермеццо.
  • Пери Якопос йазйина «Эвридика» опера.
  • 7 октябрь — ширачех, хӀокху деношка яьлла йолу Каччини Джулион Il rapimento di Cefalo оперин премьера хилла Флоренцехь, Францин паччахьан Генриха IV-гӀачун а, Мария Медичин а ловзаргахь.
  • Москохан Кремлехь йоьгӀна Иван Сийлахьчун горгалин килс.
  • Медиафайлаш Викилармехь
Категори «1600 шо» ца карийна.